Теркайистерчу кIоштан кхело прокурорца Асабаев Мохьмадца листина Бараев Анзорна а, Исмаилов Илесна а дуьхьал айдина гIуллакх. Царна бехке дуьллу баккхийчу барамашкахь наркотикаш эцар, уьш чохь латтор.
Кхелан кхеташонехь кхаьстина, оцу шиммо юкъахь бертахь кIомалан гIаш а гулдеш, уьш лардеш хилар. Полисхойн рогIерчу рейдашкахь карабеана якъийначу кIомалах буьзна тIоьрмиг. Дов къастийначул тIахьа шинна а кхоккха шераш хенаш тоьхна набахтехь яккха.
Прокуратуран сайта тIехь бу и хаам.