Некъан низамаш лардайтархьама, зуламаш лахдархьама аьлла Теркйистерчу кIоштахь дIайолийна махкарчу ГИБДД-н белхахоша меттигерчу полисхошца рейдаш.
Некъан низамаш талхораш гучубохуш дIахIиттийна мобилан посташ. Леринчу тидамехь яра тонировка йина а, чехка йогIу а машенаш, доьхка тасаза пассажираш, хаьхкина воьдучу хенахь телефонехь къамелаш ден шофераш а.
ХIинцале а 30 машен схьаяьккхина долахошкара, гIуданаш детташ.