Еарийденна Оьрсийчоьнан Банко официалехь хIоттийначу долларан мах 60,58 сом бу. Лента.ру портало дийцарехь, 74 кепех тIекхетта цунна. Оцу юкъанна 56 кепекна дазделла евро. Регуляторан сайта тIехь бу и хаамаш.
Москохарчу биржехь Iамеркан долларан мах 24 кепеке хьалабаьлла, ткъа Европан юкъара валюта 90 кепеке.