ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РБК: Делимханов - Думан уггар тийна-таьIна депутат


Пачхьалкхан Думан ворхIолгIачу гонехь хаьржинчу депутаташлахь жигаралла теллинчу РБК агенталло билгалбаьхна бага хи лаьцна Iен 17 депутаташ. Думан сайтан хаамашца, цара юкъа ца ялийна цхьа а низаман проект, я тIе ца тайна шайн колегийн инициативашна, бист ца хилла цхьана кхеташонехь. Царлахь ву Нохчийчоьнан цIарах Думе кхачийна Делимханов Адам а.

Политологна Галлямов Iаббазна хетарехь, шайн лаамаш кхочушбичхьана оцу тайпачу нехан сингаттам бац халкъан интересашца, цара терго ца йо юкъараллана оьшучун а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG