Карара шо додаделчхьана Шемахь вийна мел лаххара а 40 оьрсийн эскархо а, тIеман говзанча а. Reuters агенталло далийна и терахьаш, беллачийн гергарчийн хаамашна а, официалехь цIе ца яьккхинчу хьосташна а тIе а тевжаш. Доларчу тIеман компанин 21 салти ву царлахь, агенталло билгалдаккхарехь, 17 официалехь эскаршкахь волу тIемло а, муьлхачу статусехь хилла къастанза ши оьрсий а.
Кху шеран зенаш оцу барамашца дуьстича хаъал дистина стохка хиллачу терахьашка бIаьрг тоьхча. ХIетахь вийна 36 Оьрсийчоьнан вахархо, дуьйцу Reuters агенталло. Оцу артиклан авторша билгалдоккху, Шемахь тIемаш бечу эскархойн буьйранчаша дайшна-наношна доьхкуш хилар, стенгахь гIуллакх деш ву доьзалхо дийцар.
Ткъа Оьрсийчоьнан тIеман министраллан официалан терахьашца 2017-чу шарахь Шемахь велла 10 оьсрийн эскархо.
Reuters агенталлан хаамаш бахьанехь, тIеман министралло Iорадаьхна терахьаш цатешарца талла цаторийла яц аьлла Кремло.