ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь летта нохчий, сербхой.


Машен некъахь хьалха валар къевсина дов иккхина Венехь меттигерчу нохчочунний, сербхочунний юккъехь. Цу гIаларчу Нойбау кIоштерчу урамехь некъан агIо хийца гIоьртинчу сербхочунна дехьа вала некъ ца битинера нохчочо аьлла, хаам бира Венерчу полицин векало Маршо Радионе.

И бахьана долуш оьгIазваханчу сербхочо эвхьаза багалейинера нохчочуьнга, шен машенан кор охьа а дахийтина. ТIаккха шина шопаро вовшашка бага етташ, вовшашна агIор машенашца маневраш еш, масех бIе метар некъ бинера, ткъа эххар а сербхочо нохчочун агIор куьйгаца осала жест йинчул тIаьхьа шиммо а шайн машенаш сацийнера Коппштрасе урамерчу автобусан социйлина уллохь. Цигахь и шиъ вовшашна чучча вахнера.

Полицино чIагIдарехь, ши шопар летта а ца Iаш, цаьрца машенашна чохь хилла болу церан накъостий а хилла латарехь дакъалоцуш – сербхочун хIусамнаний, кIантий, ткъа иштта нохчочунца новкъахь хилла ши стаг, зудий.

Уллехула тIехбуьйлучу наха и латар шайн мобилан телефонийн камершна тIе даьккхина, интернетехь даржийна.

Ткъа шинна а шопаро шений-шений чевнаш йина аьлла латкъамаш язбина шина тайп-тайпанчу полицин декъашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG