ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газетан" журналистна депортаци ян гIерта Оьрсийчоь


«Новая газетан» журналистна Феруз Iелина Узбекистане депортаци е аьлла Оьрсийчоьнан Iедало бина сацам юхабаккхаре кхайкхина дуьненаюкъарчу «Доза доцу репортераш» цIе йолчу бакъонашларъяран организацино. Маьршачу прессан Индексехь 180 меттигах 169 могIа дIалоцуш ю Узбекистан, цундела шен даймахкахь кхераме ду цунна ваха, чIагIдо бакъонашларъярхоша. Изза тIедожадо оьрсийн Iедалшна Амнести Интернешнл (Amnesty International) юкъаралло а.

Шинарийдйинахь Феруз Iела (Нурматов Худоберди) сацийна Москох «Новая газетан» редакцина гергахь. Цхьа де хьалха арз динера Феруза, шена политикан тховкIело яла дуьхьал ю Оьрсийчоь аьлла. Оршотдийнахь Басманан кхело Феруз пачхьалкхера аравоккхуш сацам бина. Цул тIаьхьа ша шена тIе куьг дахьа а гIоьртина иза. Шен кехаташ юхаметтахIитто Узбекистане ваха а маьрша дац цунна. Журналисто бахарехь, Узбекистано бехк кховдо тарло цуьнга, иза террорхойн тобанашца зIенехь хилла аьлла.

Президентехула йолчу адамийн бакъонаш ларъечу кхеташоно а аьлла Ферузна депортаци яр Конституцин низамаш хьашар ду. Журналисто мигранцин низамаш талхор терго йоцуш дуьтийла яц боху Кремло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG