ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вевза журналист кхелхина Нохчийчохь


Еххачу хенахь вочу цамгарца бала хьегначул тIаьхьа дIакхелхина махкахь дика вевзаш хилла журналист, нохчийн меттан говзанча Дебиев СаIид. 1982 шарахь Соьлжа - ГIалин Пачхьалкхан университетехь филологин факультет чекхъяьккхинчул тIаьхьа, цо хьаннал къахьегна журналистикехь, белхаш бина НТВ телевизионехь а. Къаьсттина мехала а, чулацаме а, дахаран бакъ Iорадоккхуш а яра Дебиев СаьIида 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь дIахьуш йолу "ВорхI де" цIе йолу телехьожийла. СаьIид охIла вара нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь, кIорге а йолуш, ша дуьйцург телехьовсархойн кхетаме дижо а хууш, хецца къамел дан.

Дала гечдойла цунна!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG