ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Оьрсийчохь мел дехачу къаьмнашна тIом кхайкхийна Малхбузено


"Нохчийн къам Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца цхьа барт хилла, цунна гонах гулдалар бахьана долуш республика коьрта гIакх хилла яьлла Малхбузерчу медиашна", - аьлла махкарчу зорбан министро Умаров Жамболата Царьград телеканале. Нохчийчоьнан Iедална а, бахархошна а дискредитаци ян гIертачуьра ца совцу Малхбузера хаамийн гIирсаш, оцу Iалашонца ма эццало пайда оьцу цара нохчийн маттахь къамел ден гIирсех а, дуьйцу Умаровс.

Цо бахарехь, Малхбузен пропагандан коьртачех кад бу нохчийн мотт буьйцучарех дакъош чохь долу «Маршо» Радио. Оцу Радиохь доллу къаьмнийн бохург санна, спектр йоллушехь, хIетте а Нохчийчоь ю Малхбузено тIелатарш деш юьхьарлаьцначарех.

"Церан коьрта лаам бу къоман лидер сийсазвар, тахана шайн дог-ойланца Путинна гонах хIоьттина, доллу Оьрсийчохь деха къаьмнаш цхьа барт болуш хилийта хьийза нохчийн къам аьшнаш дар", - аьлла Умаров Жамболата.

Иштта Умаровс дагадаийтира, Кадыров Рамзанан дешнаш. Цо аьллера Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а дуьхьал болийна информацин-гибридан тIом бу. Iамерко а, Евроберто а Оьрсийчоьнна рогIера тоьхначу санкцеша а бакъдо и иштта хилар.

"Iамеркан уггар коьртачу зорбанаша официалехь дIакхайкхийна и хаам. Оьрсийчохь мел дехачу къаьмнашна кхайкхийна бу и тIом", - боху Умаров Жамболата.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG