ТIекхочийла долу линкаш

Шен стунйиша Алиева Елизавета лачкъийна аьлла кху Iай 6 шо хан а тоьхна набахте хьажийна ГIалгIайчуьра Евлоев Мухьарбек маьршавалийтина аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале "Бакъонан инициатива" организацин векалша. ГIалгIайчуьрчу цхьана хьостано хаийтина и информаци бакъонашларъярхошна. Стенгахь ву Евловца декъахь хилла аьлла, 5 шо хан тоьхна Парагульгов Мурад цкъачунна хууш дац организацин векалшна.

Хьалхо шен сайтан агIонаштIехь "Кавказ.Реалии" ресурсо дийцира, АлиевгIеран йижарех Елизветех а, Маремах а. Марем Евлоев Мухьарбекехь марехь яра. 2015-чу шеран аьхка Марем еддера цIера, цIийндас къиза еттар бахьана долуш. Герзаца болчу Евлоевн гергарчара машен чу а тоьхна, стенга буьгу а доцуш, къайла баьхьнера Мареман йища Елизавета а, цуьнан цIийнда а. ТIаьхьо маьрша даьккхира ший а. Елизаыветас Iедале латкъам бинера, амма терго йоцуш дитира цуьна арз.

2015-чу шеран гурахь Марема далхийра шен йише, шен цIийндас Евлоев Мухьарбека шена тIехь латточу Iазапах. Цул тIаьхьа яйна, тахханалц хабар дац Мареман. Ши кIира даьллачул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх айдира, Марем йийна аьлла. Амма тахана а гIуллакх дерзаза ду.

Евлоев Мухьарбек Iедало маьршаваккхарца кхераман зил тIехь ду Алиева Елизаветин а, цуьнан гергарчийн а дахар аьлла "Бакъонан инициатива" организацин бакъонашларъярхоша.

XS
SM
MD
LG