ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урамашкахь уггаре кIезиг зуламаш до Нохчийчохь


Кху шеран 6 баттахь урамашкахь дина зуламаш лаьрча, уггаре уьш кIезиг дина меттиг ю Нохчийчоь. Цунах лаьцна дIахьедина Оьрсийчоьнан инарлан прокуратуро, хаам бо ТАСС агенталло.

Дерриг Нохчийчохь дина зуламаш схьяэцча урамашкахь диначеран дакъа ду 8,9%. ШолгIачу меттехь ю Дагестан - 10,2%, тIаккха ГIалгIайчоь а, Адыгей а.

Цу гайтамца уггаре криминалан хьал вон долу меттиг лерина инарлан прокуратуро Москох (51,7%). Цунна тIаьхьа ю Воронежан а, Челябинскан а кIошташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG