ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новая газета: ДАIИШ-ца уьйр хиларна лецначу наха суьдехь дуьйцу шайна ницкъ барх лаьцна


Novaya gazeta.

Иза дуьххьара хуьлуш ду Нохчийчохь, яздо Новая газето. ДАIИШ-ца уьйр хилла аьлла лецначу наха харц до шаьш террористашца юкъаметтигаш лелийна бохург. Цара суьдехь, хьул ца деш, дIахьедарш до шайна ницкъаллан структирийн белхахоша ницкъ барх лаьцна.

Масалш а дала до Новая газето. Иштта Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштIарчу кхелехь террорхошца уьйр хилла аьлла лаьцначу Тарамов Мохьмада дийцина, полисхойн хьакамо элира шега «хьо кхузахь ву, хьан накъосташа хьан фамили яккхарна" аьлла.

Цул тIаьхьа, Тарамовс, дийцарехь цунна цхьана кIиранах йиттина, бехке хилар даре де бохуш. Цул тIаьхьа, коьртах телатан пакет а йоьллина, садукъош ток етташ кIиза хьийзийна иза.

Новая газето яздо кхин цхьана стагах лаьцна а. Иза ву музыкант Тазбиев Джамалай. Цуьнан гергарнаш ца теша Тазбиев ДАIИШ тобанан тIемалошца уьйр йолуш ву бохучух. Цун шега далуш долу накъосталла дан гIерташ бу цуьнан доьзал, яздо Новая газето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG