ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмерчу гIезалойн хьалханчех волчу Чийгозна 8 шо хан тохар дехна прокуроро


Чийгоз Ахтем.
Чийгоз Ахтем.

Прокуроро Супряга Анастасияс 8 шо набахтехь даккха хан тохар дехна ГIирмерчу коьртачу суьде меттигерчу гIезалойн Меджлисан лидерех волчу Чийгоз Ахтемана. 52 шо долчу Чийгозна бехке дуьллуш ду ГIирмехь къепедацарш вовшахтохар.

Крым.Реалии корреспонденто бинчу хаамца, прокуроро чIагIдо цу стеган бехк хилар талламхоша кхоччуш тIечIагIдина хилар.

Чийгоз лецира меттигерчу Iедалша ши шо хьалха, Украинера ГIирма дIаяккхарна дуьхьал хиллачу митингехь дакъалацарна.

Оьрсийчоьнан Iедалша бехке вина Меджлисан куьйгалхочун гIовс 2014-чу шарахь Чиллан-баттахь дуккха адамаша дакъалоцуш къепедацарш вовшахтохарна. «Мемориало» Чийгоз лоруш ву политикан тутмакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG