ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Визан мах базбаларо ойланашка бахийтина Нохчийчуьра хьаьжой


ШолгIа ХьаьжцIа боьлхучу нахера виза йоккхуш 540 доллар даккха сацам бина СаIудийн пачхьалкхан Iедалша. И бахьана долуш хьаьж дан дагахь хилла Нохчийчуьра бахархой шеко йолуш бу шайна цунна рицкъ тоьар ду бохучух, хаам бо «Кавказский узело».

СаIудийн Iедалша кху шарахь нохчашна еллачу квотан терахь ду 2600 стаг. Мангал-беттан 30-чу дийнахь дIадерзийна Нохчийчуьрчу муфтиято хьаьж дан луучу нехан кехаташ схьаэцар.

Гучудаьлларг ду ХьаьжцIа баха лууш болу нах СаIудийн пачхьалкхо еллачу квотал а кIеpиг хилар. Коьртачех цхьа бахьана ду цига вахар дазделла хилар.

Кеманца Макка а вахана, хьешан хIусамехь хан а яьккхина цIаваран мах бу юккъерчу барамехь 3 100 эзар доллар. Ткъа оццул рицкъ дайъа таро йолу нах кIезиг болчух тера ду Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG