ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нухажиев: Беляловн бехк хилар тIечIагIдина дац, амма иза хIинцале дIатоьхна террорхойх


Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди.
Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди.

Кхаариндийнахь Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Къилбаседа Кавказехула йолчу урхалло дIадерзийна Нохчийчуьрчу шина вахархочун Белялов Рамзанна а, Маздаев Мохьмадна а дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх таллар.

Цунах лаьцна хаам гучубаьлла Оьрсийчоьнан Талламан комитетан официалан сайт тIехь. Цу хаамца а догIуш, бехктакхаман гIуллакх цу шина стеган бехк хилар чIагIдеш дIахьажийна Къилбаседа Кавказан гонан тIеман суьде.

Цунна вуно реза вац Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди. Нохчийн омбудсменана хетарехь, Беляловна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьаделлар бух боцуш ду. Хьалххе террорхойх дIатоьхна иза Iедало.

Маршо Радионо хьлха хаам бина ма хиллара, 2015 шарахь Мангал-беттан 2-чу дийнахь Гуьмсехь Iуьйранна балха воьдучура лаьцна дIавигира Белялов Ставрополера баьхкинчу полисхоша. ХIетахь дуьйна Пятигорскерчу набахтехь латтош ву иза.

Беляловна бехке дуьллуш ду 20 шо хьалха, Басаев Шамал коьртехь а волуш, Буденовск гIалина тIелатар динчу тIемалойн могIаршкахь иза хилла хилар.

Адвокаташа а, цуьнан гергарчара а, цуьнца цхьаьна Башкортостанехь болх беш хиллачара а тоьшаллаш дарехь, билгалъяьккхинчу хенахь Белялов гIишлош еш болх беш хилла цу республикехь.

И бахьана долуш Нухажиевс кхайкхам бинера Инарлан прокуратуре а, Талламан комитете а, Оьрсийчоьнан президентан администраце а, федералан омбудсмене а, Беляловн конституцин бакъонаш ларъеш накъосталла дахьара шена аьлла.

Амма цуьнан кехаташ дIахьежадо оццу харцо лелочу Талламан комитете. Ткъа цигара кехаташ оьху "Беляловн алиби толлуш ду" шаьш бохуш, хаам бо Нухаджиевн зорбан сервисо

Беляловн алиби хилар тоьшалла деш кечдина кехат.
Беляловн алиби хилар тоьшалла деш кечдина кехат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG