ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь Iамеркан кема эккхийта дагахь хилла Оьрсийчоьнан вахархо


Туркойчоь -- Инджирлик авиабаза.
Туркойчоь -- Инджирлик авиабаза.

Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна Туркойчохь дронца Iамеркан тIеман кеманна тIелатар дан дагахь хилла аьлла. Цунах лаьцна яздо туркойн зорбан гIирсаша.

Цара билгалдаккхарехь, дIааьцнарг ву «Исламан пачхьалкх» олучу тобан агIонча. Дийцарехь, иза дагахь хилла Инджирлик авиабазехь Iамеркан тIеман кема эккхийта.

Инджирлик база ю Туркойчоьнан къилбехь. Шемахь а, Иракъехь а тIеман операцехь дакъалоцу Iамеркан тIеман ницкъаша пайда оьцуш цунах, туркойн Iедалша бакъо а елла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG