ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс доьхкур дац Нохчийчохь "Матильда" гайтар


Поклонская Наталья а, Кадыров Рамзан а (коллаж)
Поклонская Наталья а, Кадыров Рамзан а (коллаж)

Кадыров Рамзана доьхкур дац Нохчийчуьрчу кинотеатршкахь "Матильда" филм гайтар, хаам бо chronicle-skfo.ru сайто. Нохчийчьурча куьйгалхочун хетарехь, республикерчу бахархоша иштта а йойъур яц шайн хан, цуьнга хьажагIерташ.

Кадыровс дийцарехь, «Матильда ю «гIиллакхе йоцу, дог доцу, моралан йоцу» филм.

Нохчийчоьнан куьйгалхо тешна ву цу кинона хьажархой карор бац аьлла, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а.

Хьалхо хаам кхаьчнера кинорежиссеро Учитель Алексейс яьккхинчу «Матильдина», рейтинг 16+ а йолуш, прокат ян бакъо луш Оьрсийчоьнан културан министралло кехат делла аьлла.

Оьрсийчохь "Матильда" гайта йолор ю ГIадужу-беттан 26-чу дийнахь дуьйна. Цунна жигара дуьхьал яьлла ю Госдуман депутат Поклонская Наталья. Иза чIогIа реза хилла яра Кадыровна, цо ши-кхо де хьалха Оьрсийчоьнан културан министре Мединский Владимире "Матильда" Нохчийчохь ма гайта аьлла кехат дахьийтарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG