ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Латаран Европан чемпионат 2018 шарахь Дагестанехь хилийта лаьа цигарчу Iедална


ПаргIатчу кепехь охьатохарх латаран Европан чемпионат шайн республикехь хийлийта лууш ю Дагестанан. Цу хьокъехь цу республикан Iедалан куьйгалхо Гамидов Абдусалам цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан латаран спортан Федерацин хьалхарчу вице-премьерца Брюсов Георгийца.

Цу шимма йийцаре йира 2018-чу шарахь паргIатчу кепехь охьатохарх латаран Европан чемпионат Дагестанехь дIаяхьар хьокъехь йолу перспективаш.

Брюсовна хетарехь, тIаьххьарчу масех шарахь спортан инфраструктуран аьттонаш бIаьрла алсамбаьлла Дагестанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG