ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пятигорскерчу СИЗО-хь ву Соьлж-ГIалахь лаьцна нохчийн тIемало


и
и

Басаев Шемилан тобанна юкъахь 1995-уу шарахь Буденовскана тIелатар деш дакъалаьцна аьлла Товбеца-бутт чекхболуш лаьцна Нохчийчоьнан вахархо латтош ву Пятигорскерчу СИЗО-хь. Цунах лаьцна хаам бина «Кавказский узело».

Цу хиллачу нохчийн тIемалочун фамили йоккхуш яц. "Кавказский узелан» хьастано дийцарехь, цуьнан цIе ю Руслан.

И стаг махкахваьлла лелла хилла масийтта шарахь. Амма 4 шо хьалха Нохчийчу юхавирзина Соьлж-ГIалахь болх беш хилла иза. Цигахь лаьцна Руслан Оьрсийчоьнан Федералан лерринчу сервисан белхахоша.

Болчу хаамашца, карарчу хенахь Оьрсийчуьрчу Iедалша лоьхуш ву Буденовске йинчу рейдехь дакъалаьцна кхин 22 стаг. ДIадаханчу 22 шарахь лаьцна чувоьллина ву царах 26 стаг.

Кху кIиранах Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Къилбаседа Кавказехула йолчу урхалло дIадерзийна Нохчийчуьрчу шина вахархочун Белялов Рамзанна а, Маздаев Мохьмадна а дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх таллар. И ши стаг а бехке веш ву Буденовскана тIелатар дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG