Уралерчу режиссеро Алиев Сергийс, «Матильдин аьшпаш» цIе а йолуш, йоккхуш филм ю Учитель Алексейн «Матильда» кинонна дуьхьал. Цу юкъахь дакъалаца мегаш ву Кадыров Рамзан, хаам бо Znak.com сайто, Алиевна тIе а тевжаш.
Цкъачунна Кадыровс жоп делла дац.
Алиевс шен кино яккха йолийна Товбеца-бутт чекхеболуш. Цу филман бюджет ю режиссеро ша гулдина 4 миллион сом.