ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а цIоз даьржина, талхош ду ялта


ЦIоз даржарна дуьхьало еш, орцан хьал кхайкхийна Нохчийчоьнан пхеа регонехь: Текйистехь, Невран, Шелковскан, Гуьмсан, Соьлж-ГIалин кIошташкахь, хаамбо мехкан Iедалан официалерчу портало.

Цо, «Юьртбахаман центрна» тIе а тевжаш, боху, цIоз махка Дагестанера а, Ставрополан махкара а кхаьчна.

Карара бутт алсам дийнаташ яьржачех бу Къилбаседа Кавказехь. Лаьттаца бечу белхашца а, авиацин гIоьнца а цIоз эшо гIерта говзанчаш. «Амма аренашна детта оьшу молханаш эца ахча лаха дезаш ду», - латкъамбина Нохчийчоьнан «Юьртбахаман центран» куьйгалхочо Дидиев ВахIида меттигерчу прессехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG