Петарбухан губернатор Полтавченко Георгий вац «Ахмат» футболан тобанах доглозуш. И хаам «Фонтанка» ресурсе бина губернаторан пресс-секретара Кибитов Андрейс оршотдийнахь.
Билгалдоккху, де хьалха парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада Инстаграмехь шен пена тIехь видеоролик зорбане йиллинера, Полтавченкос а, Кадыровс а «Ахмат» - ницкъ бу бохуш, маьхьарий детташ.
«Фонтанкан» корреспонденте Кибитовс аьлла, ши кIира хьалха яьккхина видео ю иза, футболца йоьзна а яц, изза цIе йолу латархойн клуб ю губернатора юьйцург аьлла.
Цо бахарехь, Полтавченко даим хилла а ву, хир волуш а ву «Зенит» футболан фанат.