ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIиндойчоьнан Iедалш мухIажирш арабаха дагахь ду


Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацино царех цхьа дакъа мухIажирш леринехь а, ХIиндойчоьнан Iедалш шайн пачхьалкхера 40 эзар бусулба рохIинджаш арабаха лерина ду. Рейтерс агенталле хIиндойн Iедало дIахьедарехь, боллу рохIинджаш нелегалехь бехаш бу оцу пачхьалкхехь. ООН-ан векалша 16 эзар паспорт делла рохIинджашна, уьш ца лецийта а, царна депортаци ца яйтархьама а.

Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацино бахарехь, дуьненаюкъарчу бакъоно доьхку и стаг пачхьалкхера араваккха, нагахь санна шен дамакхкахь цунна Iен а, ваха а кхераме делахь. Ткъа ХIиндойчоьнан Iедало боху, шайн пачхьалкхо мухIажиршна статус лучу конвенцина буха куьг яздина цахиларца мигранташна депортаци йийр ю шаьш аьлла. Мьянман бахархой хиларан бакъонан кехат ца ло бусулбанашна-рохIинджашна.

Пхи шо хьалха оцу пачхьалкхехь марсаделира бусулбанашна а, буддисташна а юкъахь тIелетарш. Мьянман Iедалан эскарша бойуш бу бусулбанаш бохуш, хаамаш баьржира хIетахь зорбанашкахь.

ХIетахь дуьйна оцу къоман 75 эзар стаг Бангладеше а, кхечу луларчу мехкашка а ида буьйлира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG