ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МаслаIат дан воьлларг бехке а волуш бирзина къовсам


ХIирийн-ГIалгIайн юкъаметтигаш юьйцуш кху Iай дIадаьхьначу цхьанакхетаран чулацам гIара а баьккхина, хIинца цуьнан гонах дийцарш долийна юккъараллехь. И гIуллакх дуьххьара емал деш дийцинера социалан машанехь, амма тахана могIарерачу нахе а даьлла иза.

Оцу конфликтна юкъа уозийна ву шейхан Арсанов Денин тIаьхьенах волу Арсанов ИбраьхIим. Шен дайша санна маслаIатан некъ юьхьар лаьцна иза хIинца емал веш ву цхьаболчу гIалгIаша, хIиришна тамехь дерг дуьйцуш ву бохуш. Оцу цхьанакхетарх а, цуьнан чулацамех а цо Маршо Радиога иштта дийцира.

Арсанов: "Iалашо яра цхьанна а кепара хаамийн гIирсашка а ца дуьллуш, питане а, моттаргIане а ца доккхуш, накъостийн кепехь нах цхьана а тоьхна, чайнан стака а молуш, цхьанна а кепара политикан Iалашо а йоцуш цхьанакхета. Накъостий охьа а хевшина хилла цхьанакхетар дара иза".

Цхьанакхетарехь дийцинарг гIарадоккхур дац аьлла барт бина хилла цигахь дакъалоцучара. Амма цхьаммо кхайкхина иза, къаьмнийн юкъаметтигах дерг экаме дуй шена хуушехь, аьлла кхин дIа а дийцира Арсанов ИбраьхIима.

Арсанов: "Цигахь хиллачу Кодзоев Аслана питане диллина-кх иза. Цуьнга аьлла дара иза гIара а ца доккхуш дуьйцур ду аьлла. Амма цо дела денна питане а доккхуш схьадеъна иза".

Кодзоев Асланцна Маршо Радио зIене яьлча, цунна ца лиира и гIуллакх кхин дийца. Соьга а элира, иза хье а ца деш дитар суна а гIоле а, кхерамазалле ду аьлла.

Арсанов ИбраьхIиман гIалгIаша бехке дуьллург ду, цо хIирийн агIо лаьцна хетар. ИбраьхIима иза аьттехь а тIе ца дуьту, ша шен дайша лелийначу некъаца маслаIате кхойхкуш вара бохуш.

Арсанов: "Уггаре а со цецваьлларг ду, гIалгIайн сан цIийнаца а, соьца а чучча гергарлонаш а долуш, шайна со вон болх хилийта лууш ву аьлла моттарх. Дозанаш мел мел хийцадаларх а, адамаш лулахь даха деза. Машаре кхойкхуш волу со цец а волуш, цхьаболчу гIалгIаша со бехке а веш тидина иза. Ткъа зуламе а, балане дера долчу гIуллакхе а, тIаме а кхойкху нах турпал лаьрра. Со чIогIа цецваьлла ву цуьнах".

Къилбаседа Кавказехь къаьмнийн юкъаметтигаш чIагIъеш, уьйраш дIатосуш болх беш ву Успанов Юни. Цунна хетарехь, хIума ма дарра дIаала дезаш ду, ишттачу хьолехь харц мила ву, бакъ мила ву, билгал а доккхуш.

Успанов: "Ахь шина накъостна юкъахь барт беш белахь, ма дарра цхьадолу хIума дIаала дезаш ду. Пригородный кIоштан статус цхьана юкъана Москохара урхалла а деш латтийча дика хира дара. ГIалгIайн цIенош цхьаъ ца дуьтуш дIадала деза цаьрга. Иза хета суна. Цу тIехь а, къоман дипломати а, кунакалла а лело деза".

Пригородный кIошт хьенан ю массарна а хууш ду. Изза хаьа гIалгIайн хIусамаш чохь Iачу хIиришна а. Амма цуьнах бакъонца сацам бан тамаш бу хIирий а баьхьаш белахь.

Лаккхара Москохара омра ду дезарг, аьлла хета цхьаболчу тергамхошна. Ткъа и къовсаме латта цхьаъ хилла Iаш дац Советан пачхьалкх хиллачу дозанехь. Дуккха а ду иштта сацам а ца беш латтош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG