ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Зенито" иэшам бина "Ахматна"


Петарбухарчу «Зенитан» а, «Ахматан» а матч йоьдучу хенахь арбитро «Зените» озабезам барца иэшам бина меттигерчу тобанна аьлла, яздина Кадыров Рамзана шен Инстаграмахь. "Буьрканах ловзарехь коьрта шаьш футболисташ ца хилла, суьдхо Федотов Игорь хилла", яздо мехкан куьйгалхочо. Кадыровна хетарехь, Федотовс хIоттийначу кепо Петарбухан а, Соьлжа-ГIалин а юкъаметтигаш талхо тарло.

"Нохчийчоьнан доттагIаллийн уьйраш ю дIатасаелла Петарбухца а, цуьнан бахархошца а. Иштта юкъаметтигаш лаьтта шина футболан тобанашна юкъахь а. Футболан арбитрна хаа дезара, цхьана команде ша узучу хенахь, вукхунна зен дина ца Iаш, адамашца а, гIаланийн вовшашца хоттаеллачу уьйрашна а ша новкъарло йойла", боху Кадыров Рамана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG