ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Зенитан" арбитр Федотов кхеле велла "Ахмата"


Оьрсийчоьнан футболан юкъараллан суьдхойн комитето рогIерчу кхеташонехь луьстур ду Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат» футболан клубо арбитр Федотов Игорь бехкевеш даийтина арз. «Зенитца» ловзу «Ахмат» эшийна 0:4 чоьтаца.

"Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат» футболан клубо официалехь даийтина арз, кхаарийдийнахь оцу хьокъехь кхеташо дIахьур ю оха", - аьлла комитетан куьйгалхочо Бутенко Андрейс.

Петарбухарчу «Зенитца» ловзарехь Уциев Ризван юкъараваккхаран бахьанашца 29-чу минотехь 10 ловзуш вара, цул совнах, эксперташа дийцарехь, арбитро «Зенитан» кевнашкахь лаьттарг дIа ца ваьккхина, буьрканах куьйгаш тохарна, ишта кхи а хаалуш долу гIалаташ дитина суьдхочо бохуш, даредо махкарчу Iедало.

«Ахмат» клубан президенто Кадыров Рамзана критике биллина арбитран болх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG