Москохан орцан министраллан белхахошна тIелатар дина аьлла бехкевина СИЗО-хь латтийна Нохчийчоьнан вахархо Ражапов Хьамид дарбан цIийне кхачийна могушалла галъяьлла. «Кавказан узел» ресурсе бина и хаам кIентан гергарчара. Ражаповн адвокаташа кхеле арз дан сацам бина, шаьш ларвечунна дина зен меттахIоттадайта.
Ши шо хьалха лаьцнера Ражапов Хьамид а, ЦетиевгIеран вежарий Сайд-Мохьмад а, Хьусайн а. Талламчийн версица, цара йиттинера орцанхошна Москохарчу Внуково эвлахь. ГIуллакх толлуш тоъал тоьшаллаш ца карийна маьрша баьхна, амма гIаличуьра арабовлар дихкира кхело кегийрхошна. Ражапов Хьамидан адвоката Русакова Маринас чIагIдо, ша Iуналла дечу кIентан 2 шарахь а 9 баттахь а СИЗО-хь могушалла эшна хилар.
Адвоката бахарехь, цкъацкъа Ражаповгахь вуон хьал а хуьлий, ницкъ ца тоьара цуьнан кхелан кхеташоне ван. Ражаповн доIах ду лозуш, проблемаш ю потакца а. Лазартнехь еххачу хенахь дарбанаш лело дезаш ву иза, тешна ю адвокат Русакова.
Стохка Ражаповн а, вежарийн ЦетиевгIеран а адвокаташа латкъам бира Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле а, Оьрсийчоьнан кхелан системано лаьцначарна тIехь латточу харцонех.