Дахначу кIиранах Хьалха-Мартанан прокуроре меттигерчу яхархочо арз динера шен хиллачу цIийнден гергарчара шо кхаьчна йоI шех хьегайо, наналла ца дойтуш аьлла. Прокуратурано шегара талламаш дIабаьхьначул тIаьхьа, зудчун агIо а лаьцна, бер дIатоьхна шен ненах.