ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Локшина: Кадыровc ша шена пиар йо


Нохчийчохь байначу кегийрхойн наноша Европерчу бакъонашларъярхошка гIо доьхуш, кхайкхам бечу юкъанна, шайн бераш а, церан доьзалш а Шемара а, Иракъера а цIаберзор доьхуш меттигера бахархой вовшах а тоьхна, Нохчийчоьнан Iедало дIаьяхьна акци аьлла, дIахьедина Локшина Татьянас а, Малашенко Алексейс а. Iедало ша шена пиар еш йина хила тарло и митинг аьлла хета Локшина Татьянина.

"Иракъера жима бер шен ненах дIатохар, и чIогIа позитиве а,, мехал а гIуллакх ду" боху бакъонашларъярхочо. Амма и кIант Нохчийчу юхавалорна хьакъ цхьа Кадыров ву бохург бакъ ца до Iилманан талламаш бечу институтан куьйгалхочо Малашенко Алексейс.

"Кадыровна лууш-м хир дара дерриг а ша дина ала, делахь а Шемахь а, Иракъехь а Оьрсийчоьнан Iедалан векалш ма бу и юкъарлонаш дуьйцуш" боху Малашенкос.

"Тахана Нохчийчохь Кадыровн пурба доцуш цхьа стаг хIуттур вац митинге, шайн байна доьзалш схьалаха аьлла. Кадыровс урхалла до Нохчийчохь шен долахь и мохк болуш санна. Пачхьалкхна чохь ша хIоттийначу низамашца ехаш кхи пачхьалкх йолуш санна сурт ду цигахь. Шерашкахь схьадогIуш ду иштта, Кремло мага а могуьйтуш", аьлла «Кавказан узел» агенталле Локшина Татьянас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG