ТIекхочийла долу линкаш

Школе даха дезачу берийн дай-наной декхаре беш бу 1-чу классан дешархошна цхьа тайпа духар эца. Махкахь и керла юкъадалор дийцаре деш кхеташонаш дIахьуш ю школашкахь. Вуьшта аьлча, хьехархошна тIедиллина шайн берашна цхьабосса барзакъ эцийта кхетош-кхиоран болх дIабахьар.

Зудаберашна эца езаш ю шотландка олучу кIадех йина юбка а, пхьуйшдоцург а, пиджак а. Маршо Радион хьосташа дийцарехь, церан мах 1.700 сом бу. Божаберашна Iаьржа хечешший, кIайн кучамашший эцар тIедожийна.

Цу кепара духар эца дай-нанойн таро юй яций бохург дийцаре деш дан а дац.

XS
SM
MD
LG