ТIекхочийла долу линкаш

Ши бер а эцна цIера едда зуда карош йоцу 4-гIа бутт болабелла.

Iедалан хьостанаша кхайкхо эшна а доцуш республикехь, муфтият хьалханча а йолуш, марсадаьккхина дIахьуш ду къаьстинчу, барт ийгIинчу зударшний, цIийндайшний юкъара цакхетар дIа а даьккхина, барт-машар беш, доьзалш цхьаьнатохар, бахархой ийманехь совбахарна тIехьажийна хьехамаш бар а.

Делахь оццул хьасартне дIахьуш беркате болх боллушехь вайнехан юкъараллехь нислуш лаьтта кхето хала, тамаше хиламаш. Цу могIарера лара богIу Теркйист кIоштера 38 шо долу зуда, шеца кIант, йоI а дуьгуш, лаьттах яхча санна къайлаялар.

ЦIерачара а, юьртахоша а даре дарца Гидизова Марет мичахь ю хууш доцу 4-гIа бутт болабелла. И мича яхана ца хууш бакълена а цу саготта бу цуьнан вежарий а, гергарниш а. Хаттар, алар а доцуш, хьуламехь, нанас шеца дIавигначу 13 шо долчу кIантана а, 10 шо долчу йоIана а саготта бу берийн дай СирбиевгIар а.

Царна а, вукхарна а мелла а хьаам бийриг ду цхьамма а бина ницкъ а боцуш Гидизова шен лаамехь цIераяьлла хилар. Цхьаболчара иза 700 эзар ахча киснахь а долуш дIаяхана хуьлуьйту Европе, вукхара Оьрсийчохь цхьанхьа лечкъина Iаш. Мухха делахь а Гидизова Марет ехачу эвлахь дижа ца дуьтуш дийцаре деш лаьтташ ду цуьнан «аьрхалла». Юьртахой бу цунах дуьйцуш.

Юьртахой: - Хьенехера нус ю иза, минехан йоI ю.

- Цу шина беран да, и зуда йитинчул тIаьхьа, керла цIенош а доьгIна, кхин доьзал а болийна вехаш ву.

- Хала стаг ю бохура, цунна йитна а боху иза.

- Ишта хьалхаа едда хилла иза.

Гидизова Марет а, цуьнан цIийнда лаьттинарг а юххера бевзачарна а ца хаьа уьш къастар бахьана хIун ду а, шина бераца и къайла стенна яьлла а. Сулим ву шен юьртахочо динарг Iаьткъанчех а, хIетал-метал хиллачех а цхьаъ.

Сулим: "ХIан-хIа, и мичахь ю хууш дац вежаршна а. Берийн дайша аьлла шайн бераш схьадаладе, амма вукхарна хуъчух тера дац иза билггал мичахь ю. И стенна едда а, хIун ца тоьуш яхна а ца хаьа. Билгалдаьлла цунах кIадда а дац. Шайн берашна саготта дац а бу. Уьш а бац кхеташ. Цунна лиъанчу хена и кIант, йоI гойтуш а хилла нанна. Цо и стенна дина хууш да-м вац".

Ала дашна, махкахь жигарбаьккхина дIахьуш кхетош кхио болх белахь а, хIайттархой зударий а болуш нислуш лаьтта кхузахь тамаше, юьхькIаме йоцуш меттигаш а.

КIезиг масалш дац, масала, шайца доьзалхой а болуш зударий, тIом кхехкачу Шема пачхьалкхе кхача гIоьртина а, ца нисделлачу дахарна хIуьттаре ян Iалашо лаьцча санна, цIера бевдда а

XS
SM
MD
LG