ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а теракт Барселонехь


Барселонехь еаридийнахь машен адамашна юкъа а хаьхкина динчу зуламехь 13 стаг велла. Кегий бераш а ду цаьрца. 100 сов бахархошна чевнаш йина. Болчу хаамашца, 18 пачхьалкхан бахархой бу царна юкъахь. Теракт динчул тIаьхьа лаьцна шеконашца ши стаг. «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано шена тIелаьцна дина зулам.

Еарийн буса кхи цхьах зулам иккхина Каталонан хинкеманинй портехь Камбрилскехь. Некъахошна тIелатар а дина, полисхошна дуьхьал герз диттина цигахь муьлш бу цахуучу наха. ТIелетар долийна 4 стаг оцу тасадаларшкахь вийна полицино. Чевнаш йина каравеанера цхьаъ, иза а тIаьхьо кхелхина.

7 стагна зен хилла оцу инцидентехь, цхьаъ полисхо ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG