ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Балха ловзорг-автомат яьхьанчу нохчочо йоккха IалагIож эккхийтина Венехь


ПIераскан Iуьйранна иттанашкахь полисхой гулбеллера Венерчу 14-чу кIоштанарчу цхьана ишколан кертахь. Йоккхачу гIовгIанца арабевллачу Iедалхоша лоьхуш бара карахь герзаш долу нохчий. Маршо Радионе Венерчу полицехь тIечIагIдиа ма-хиллара, цу леринчу операцин бахьана дара меттигерчу бахархоша полице кхерабаларца телефонашкахула аьрзнаш дина хилар, шайн кIоштарчу ишколан кертахь герзаш детташ, еха мажош а йолуш нохчий бу аьлла. Арз динчех цхьаммо иштта тIетоьхнера, шена хетарехь, вовшашца дов даьлла африкхой, нохчий бу ишколан кертахь герз деттарш, аьлла.

Оцу сохьта тешаша йийцинчу метте новкьабевлира масех машенахь полисхой а, иштта кхечира герз деттачу метте Австрин террорхошна дуьхьал кьийсам баран леринчу Вега тобера Iедалхой а.

Амма ишколан кертахь цу хенахь хиллачу нахана а, ишколан гIишлонна а, цу уллехь лаьттачу машенашна а талларш дича гучуделира, дерриге а цу ишколе кир дIасалелочу фирманехь болх бечу цхьана нохчочо шеца ловзорг-автомат а еана, иза а, цхьа масех цуьнан нохчийн кьомах болу белхан накьостий а садоIаран паузехь и автомат дIасаетташ хилла хилар.

Барселонехь террорхойн тIелатар хиллачу шолгIачу Iуьйранна самалла лакхаяьллачу меттигерчу бахархошна и сурт гича, царна тарделлера нохчийн карара герз бакьдолу герз ду.

ТIаккха цара полисхошка хаам бинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG