ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь миитинг ян кечлуш бу вайнах


ПIерскан дийнахь Берлинехь нохчашна а, гIалгIашна а депортацеш ярна резадацар кхайкхоран митинг дIахьур ю Германехь бехачу вайнаха. Маршо Радионе цу гIаларчу вайнехан диаспорерчу хьостано бинчу хаамца, делкьал тIаьхьа деалгIачух ах даьлча Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина хьалха вовшахкхетар бу нохчий а, гIалгIай а.

Митингехь дийцаре дийр ду кесталгIа немцойн махкара депортаци ян сацам бинчу Албаков Адаман гIуллакх а, ткьа иштта тIаьхьарчу хенахь вайнехан тховкIелонах долу дехаршна доккхачу декьехь дацаре жоьпаш немцойн Iедало луш хилар а, дуккхачу назана Полше а, а депортацеш еш хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG