ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох ши нохчо лаьцна герзаца


Москох СОБР-ан гIоьнца полисхоша лаьцна оьккхуьйтурш шайлахь латтийна шеконца ши кIант, аьлла хаамбина «Москва» агенталле чоьхьарчу гIуллакхийн хьукматан векалша.

Болчу хаамашца, Рейсан урамерчу гаражан бокса чохь ВОГ-17 геригашца лелха гранаташ а, электродетонаторш а, тротил, иштта гексоген тIехь йина оьккхуьйтург а хилла, дIайиллина латтош.

"Гаражан долахоша шаьш Москохан вахархочуьнга мехах аренде еллера и хIусамаш, ткъа цо, дIоггара кхи вевзаш воцчу Нохчийчуьрчу шина вахархочунна меттиг белла хилла цу чохь, шайн бедарш охьаяхка», - аьлла дийцина полисхочо "Москва" агенталле.

Талламчаш кхи дIа гIуллах луьстуш бу, мича Iалашонца вовшахтоьхна, лардеш хилла кегийчу наха тIеман герз.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG