ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедало керла сценарий хIоттош ю Турбинерчу инцидентна тIадам буьллуш


18:55 (Москохарчу хенаца). Дарбан хIусаме кхачийна Тазбиев Мохьмад дагна вуон хилла. Ткъа «Новая газетано» шен тидамехь латточу Турбинехь тIетаьIIина полисхойн рейдаш ю дIахьош.

Газетан хьосташа дийцарехь, Оьрсийчоьнан Инарла прокуроре Чайка Юрийга дахьийтинчу кехатан чулацам шайна ца хаьара, куьйгаш яздечу хенахь алар тIедожийна бахархошна.

Лецначийн да а, деваша а, Тазбиев Мохьмад а, Тарамов Салман а юха а дIавигина полисхоша.

Уьш декхаре бина Путинан цIарахчу майданахь хIоттон йолчу акци бахка. Цигархь Iедало хIоттийначу сценарийца, Турбинерчу бахархоша "Тхо Iехийнера аш", боуш маьхьарий деттар ду цаьрга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG