Оьрсийчоьнан президент хIотта цхьа а шанс яц Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан. YouTub-ерчу блогехь и аьлла, шен ойла йовзийтина оьрсийн политико, Думан экс-депутата Боровой Константина. Политикна хетарехь, карарчу хенахь Кадыров баккъал а муьтIахь ву Кремлна, амма шена Москоха ахча мел латтадо.
"Даккхий ахчанаш кхийдо деза, шарахь 10 миллиард сом гергга", билгалдоккху Боровойс. Цо бахарехь, Кадыров – ша ма варра Малбален деспот ву. Иза Оьрсийчоьн президент санна я тIе а оьцур вац. Цундела иза пачхьалкхан президент хила мега бохуш, лела хабарш, цхьа а бух боцуш ду, боху Боровойс.
"Кадыров бIоба ю, амма кхераме бIоба яц", - аьлла, билгалдоккхуш.