Инстаграмерчу шен агIонтIехь Кадыров Рамзана дIахьедо, Соьлжа-ГIалахь еш йолу дельфинарий уггар хаза а, кхузаманан стандарташца йина а хир ю аьлла.
"Соьга бахархошкара дукха кехаташ кхочура, берашна дарбадан луларчу дельфинареш йолчу регионашка эха дезаш хуьлу шаьш, бохуш. Тхуна инвесторш карийна, цундела берийн дуьхьа сихонца йина дIахIоттор ю комплекс", яздо Кадыровс.
Оцу юкъанна, Оьрсийчуьрчу экологийн тобано а кехат даийтинера мехкан куьгалхочуьнга, Соьлжа-ГIалахь ян йолийна дельфинарий сацаяр доьхуш. ХIордан биологаша а, зоологаша а, кхечу говзанчаша а дукха хан ю Оьрсийчохь дельфинареш яхкарна дуьхьалонаш лело.
Дийнаташ стрессехь хуьлу йийсараллехь, дера хуьлу, шайн хенал а хьалха леш меттигаш нисло, боху цхьа могIа говзанчаша.