ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

The Sun: Соьлжа-ГIала уггаре а кхераме шахьар ю


Британин таблоидо «Харц дуьне» аьлла дIабаьхьначу талламаша гучудаьккхина, ДаIишхоша шайн шахьар аьлла дIакхайкхийначу Ракка гIалаца цхьана могIарехь Нохчийчоьнан Соьлжа-ГIала а хилар. Нохчийчоьнан шахьаран мэрино оцу сохьта жоп делла жамIаш цатайна.

Талламаш дIабаьхьна The Sun агенталла харцIилмане ю аьлла. Шайн рейтингаш хьалаяхархьма, журналисташа тидам тIебахийтина Соьлжа-ГIалина аьла.

Мэрин пресс-гIоьнчаллийн хаамашкахь яздина ду: «"Ша таблоид даим а скандалаш юкъахь ю. Масала, 2012-чу шарахь ГIура-беттан 11-чу дийнахь «Эльведен» аьлла дIаяьхьнчу операцехь газетан 5 белхахо Британин поицино лаьцнера", аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG