ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Деза совгIаташ дина Осмаев Адамна а, Окуева Аминина а


Украинерчу эскарера шина нохчочунна Осмаев Адамна а, Окуева Аминина а дуьххьара совгIаташ дина Украинан турпалхочун Паславский Марксан цIарах Дудаев ЖовхIаран цIарахчу батальонехь тIемаш беш ду и хIусамнаний, хIусамдай. Украинехьа бечу тIемашкахь дакъалоцучу кхечу пачхьалкхийн векалшна луш ду и деза совгIат.

Паславский Марк Iамеркахо ву. Донбассехь тIом болабеллачу муьрехь цо Iамеркан пачхьалкхан вахархо ша хилар дIа а тоттуш, Украинан вахархочун статус тIеэцнера. «Донбасс» батальонехь тIематасадаларшкахь дакъалаьцна цо. 2014-чу шарахь аьхка вийна иза Иловайскехь.

Паславскийн совгIат шайн дарх Фейсбукерчу шен агIон тIехь дуьйцу Окуева Аминас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG