ТIекхочийла долу линкаш

Маршо Радион хьасташа бинчу хаамашца, шоьтабуьйсанна Хьалха-Мартанарчу пхоьазза тIекIалдинчу цIенна хьалха шина полисхочо, Дадаев Нажмуддис а, Тапчаев Шемала а къаьркъа а мелла йиттина 14 шо долчу меттигерчу кхиазхочунна. Цул тIаьхьа кхерамаш тийсина, шаьш йиттинчу кIентан дена, Тутаев Рамзанна.

КIоштан полици а балийна Тутаев Рамзан а, цуьнан гергара нах а, полицин декъан хьаькамаша, нахала даккхахь шаьш могуьйтур дац аьлла, кхерамаш а тийсина, дерзийтина дов.

XS
SM
MD
LG