ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хиллачу зенийн-зуламийн хаамаш


Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллехь далочу терахьашца хIара 2017-гIа шо доладелчхьана махкахь 36 вер-ваккхар нисделла. 699 -за схьаяьхна бен-бен наркотикаш. Низамаца догIуш доцуш лело герз схьадаьккхина 140 меттиг нисьелла.

Кхаьънаш оьцуш гучуваьлла 60 Iедалан белхо-гIуллакхъхо. Могушаллин алссам зе а деш 44-за ницкъала тIеIаткъам бина бахархошна.

Iехийна, тилийна харцо-хьарамлонаш лело гIерташ низамхоша 1438 Iорадаьккхина зулам. ЦIеххьана лелаш лаьтташехь махкахь кху шарахь дIакхелхинарг ву 67 стаг. Дагахь а доцуш, "ишта хила хьаьхна хилла-кх хIара" бохучу маьIнехь, билгальечу хенахь республикехь лазийнарг ву 107.

Маршо Радион махкарчу чоьхьарчу гIуллакхашкарчу хьостийн хаамашца хIиттийна ду жамIаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG