ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан метта президент хIотта мегачу политикашна юкъахь 13-чу меттехь ву Кадыров


Путинан метта хIотта мегачу 20 политикан рейтинг хIоттийна «Петербургская политика» фондо, яздо «Коммерсанто».

Путин Владимирна уггаре герга болчу Оьрсийчоьнан президент хIотта мегачу ницкъ болчу политикашна юкъахь хьалхара ву премьер Медведев Дмитрий (21 балл). Цул тIаьхьа ву Москох мэр Собянин (19 балл). КхолагIчу меттехь ву Тулан кIоштан губернатор Дюмин Алексей (18 балл).

Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзана хIоттийна «Петербургская политика» фондо 13-чу метте (14 балл).

Кхечу политикех цу рейтингана юкъахь ю Федерацин Кхеташонан куьйгалхо Матвиенко Валентина а, «Роснефть» куьйгалхо Сечин Игорь а, Госдуман спикер Володин Вячеслав а, тIеман министр Шойгу Сергей а, кхиберш а.

Хьалхарчу 20 стагана, 18-гIа меттиг а луш, юкъатоьхна Петарбухерчу фондо ФБК (коррупцица къийсам латточу фондан) куьйгалхо Навальный Алексей а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG