ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъахьовзамехь латархой баларна хир яц Нохчийчохь ММА-н турнир


Тахана Нохчийчохь хила езаш яра ММА-н студентийн лиган турнир. Амма иза хир яц. Бахьана ду некъахьовзам а хилла латархой балар.

ММА-н социалан машанехь йолчу агIон те а тевжаш, «Российская газето» бинчу хаамца, цу бохамехь вийна машенчохь хилла Денилханов Мансур а, Каракетов Арсен а. Суродеев Дмитрий а, Колесников Александр а дарбанан хIусамехь ву.

Машен чохь хилла 5-гIа латархо Денисов Сергей жимма лаза а веш кIелхьараваьлла.

«Кавказ.Реалиино» бинчу хаамца, турнир хила езаш яра Девлетгирин -Эвлахь, латархойн «Беркут» клубан базехь. Цигахь дакъалаца дезаш вара 50 гергга спортхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG