ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 40 миллион сом делла боберашна хIусамаш эца


Нохчийчуьрчу прокуратуро таллам бича гучудаьлла хилла меттигерчу бюджетера боберашна хIусамаш эца хьажийна ахча дIаделла цахилар. И бахьана долуш царна петарш эца а, цIенош дан а хьажийна 72 контракт кхочуш ян аьтто боцуш йисина хилла.

Прокуратуро Iедалан куьйгалхочун тIедиллина и гIуллакх дIанисдар. Кхачамбацар дIанисдеш боберашна хIусамаш нисъян Iедало делла 40 миллион сом. Цо аьтто бина кху баттахь боберашна 28 петар эца. Дерриг а эцнарг ду 72 цIа а, петар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG