ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу регионашкахь визанаш ялар сацош ду Iамерко


Iамеркан Оьрсийчуьрчу векалалло Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь дуьйна сацош ду иммиграцин йоцу визанаш цу мехкан регионашкахь ялар. И бахьана долуш Цхьаьнатоьхначу Штаташка виза йоккхуш волу стаг ваха везар ву Москох. Цигахь Iамеркан векалаллахь дийр ду нахана виза луш деш долу къамел.

Цунах лаьцна хаам бина Iамеркан дипломатин миссин сайт тIехь. Цу тайпа сацам бина Iамеркахоша, «Оьрсийчоьнан Федерацино Оьрсийчохь йолчу Iамеркан векаллалан белхахойн терахь лархдеш яьхна гIулчаш бахьана долуш", аьлла ду цу хаамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG