ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан виза яккха луучу нехан рагI хIоьттина шинарийн Iуьйранна дуьна Москох Цхьанатоьхначу Штатийн векалаллана хьалха, хаам бо РИА Новости агенталло. Кехаташ теллинчул тIаьхьа, виза йоьхуш болу нах чубохуьйту хIусаме.

Оршотдийнахь Iамеркан Оьрсийчуьрчу векалалло дIахьедар динера шаьш Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь дуьйна сацош ду иммиграцин йоцу визанаш цу мехкан регионашкахь ялар аьлла.

Цу тайпа сацам бина Iамеркахоша, «Оьрсийчоьнан Федерацино Оьрсийчохь йолчу Iамеркан векаллалан белхахойн терахь лархдеш яьхна гIулчаш бахьана долуш", аьлла ду Iамеркан дипломатин миссин сайт тIехь бинчу хаамехь.

XS
SM
MD
LG