Iамеркан президентан администрацин киберкхерамазаллехула координатор волчу Джойс Роба варе бина Iамеркахой «Лаборатория Касперского» олучу компанино язйинчу программех пайда эцарх.
Цуьнан программаш компьютершна тIе хIитто мегар дац аьлла хета Джойсана. Цунах лаьцна цо дIахьедар дина CBS News телеканалана ша еллачу интервьюхь.
Хьалхо Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедалша дIаяьккхира «Лаборатория Касперского» Iедалан структурашна программаш эца магийначу компанешна юкъара.
И сацам бинера Оьрсийчохь кхоьллинчу цу компанина Iуналла деш Кремл хила мега аьлла а, лерринчу сервисашца иза болх беш ю аьлла а.