ГIалгIайчуьрчу Пседахехь Товбеца-беттан 23-чу Iуьйранна вийна Солтукиев Бекхан меттигерчу тIемалойн тобанан хьалханча ву аьлла дIахьедар дина терроран дуьхьал йолчу центран зорбанан сервисо, хаам бо "Регнум" агенталло.
Иза Iедалша лоьхуш волу дуккха а хан яра бохуш чIагIдо цо. Лехамашка велла хилла кхин а 2 тIемало.
Байинчу тIемалойх мила ву хиина кхин а ши стаг. Цу шинах цхьаъ ву Чербижев Микаил, ткъа кхоалгIа ву Нохчийчуьрчу Эха-Борзера (Ассиновская) вахархо Хациев Хьасан.