ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Хованское» кешнашкахь латарх лаьцна дов луьстур ду Москох


Оьрсийчоь -- "Хованское" кешнашкахь латар. Москох, 14.05.2016
Оьрсийчоь -- "Хованское" кешнашкахь латар. Москох, 14.05.2016

Москох кху беттан 29-чу дийнахь Щербинский кIоштан кхелехь луьстур ду дуккха адамаш дакъалоцуш «Хованское» кешнашкахь хилла латар, яздо Росбалто, цу суьдан зорбанан серкретарна тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, суьдан процесс хир ю схьайиллинчу рожехь.

Цу бехктакхаман гIуллакхехула кхеле озийна ву кешнашкахь болх беш йолчу «Ритуал» фирман куьйгалхо хилла Чабуев Юрий, Оьрсийчоьнан МВД-н Хамовники декъан белхахой хилла Мошенко Никита, Бочарников Алексей, цхьа а болх беш воцу меттигера вахархо Серов Вячеслав, вежарий ВадуевгIар Майрбек а, Эльбек а, Нохчийчуьра совдегар Хамзатханов Зелимхан, Москох бахархой Рудаков Борис, Козлов Сергей, Колесников Владимир, Мережко Александр, ЯхъяевгIар Элихан а, Лечи а, ткъа иштта Хаджиханов Артур а.

И нах, герзаш а детташ, вовшахлеттера 2016-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 14-чу дийнахь. Цу латарехь 3 стаг вийра, 30 сов стаг лазийна вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG